MediaWiki

Тармадалита Викимедиан фондах.
MediaWiki
Тайпа маьрша программин кхачо[d], вики-движок[d]
Кечдархой Wikimedia
Язйина тӀехь PHP[1], JavaScript[d]
Операционни система кроссплатформалла[d][2]
Дуьххьара арахецар 2002 шеран 25 январь
Аппаратан платформа кроссплатформалла[d][2]
Лицензи GNU GPL 2+[d][3]
Сайт mediawiki.org
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

MediaWiki (оьрс. Медиавики) — леррина Википеди йазбина вики-движок, лелабо Викимедиан фондан дуккха а кхечу проекташкахь, кхин а доллара а, пачхьалкхан а кхолламашкахь. Йу маьрша ПКх, йаржайо GNU йукъараллин лицензин хьелашца.

MediaWiki йазйина PHP йукъара лело скриптан маттахь а, хаамаш Ӏалашбан лелайо реляцин хаамийн база (MySQL, PostgreSQL, SQLite йа Oracle DB); memcached а, Squid а программа лелайо. MедиаВикис ло агӀонийн базанца болх бен интерфейс, системин администрированин тӀекхачаран бакъонашна дозанаш туху, вики-могӀаман а, кхин а HTML а, Кеп:TeX а(формулашна) форматашкахь таро ло могӀам тобан, таро ло суьрташ а, кхин файлаш а чуйаха, кхи таронаш а ло. Шорйарийн системо лелочунна таро ло шен керла таронаш а, программин интерфейсаш тӀетоха. MediaWiki шира логотипо (2021 шеран 1 апрель кхаччалц) гойтура лело билгалонан мотт, цигахь хьажоргаш хӀиттош йеакӀов къовларгаш лелайо [[ ]].

Истори

MediaWiki йина леррина Википедина немцойн студенто Манске Магнуса. Йуьхьанца лелайора Perl тӀехь йазйина UseModWiki (кхин а йевза, «Фаза I» санна — «Phase I»). Цул тӀаьхьа 2002 шеран 25 январехь (иштта «Манске Магнусан де» цӀе йолу) керла верси («Фаза II» — «Phase II») PHP лело йолайелира.

2009 шеран октябрь кхаччалц проектан коьртехь вара Брион Виббер, иза «Викимедиан» Фондера дӀаваьлча и дарж дӀалецира Старлинг Тима. Версийн урхаллин системин меттана программа йархоша лелайо git. ГӀалаташ нисдархьама а, керла функционалалла кечйархьама а лелайо bugzilla.wikimedia.org адресца лаьтта гӀалатийн ларлелоран система Bugzilla. Йерриг движокан лерина ша www.mediawiki.org вики-проект йу (масех маттахь документаци йу цунна чохь). Движокан гочдаран локализацеш лелайо башха Translatewiki.net сайт тӀехь.

Цул тӀаьхьара, шорйина а, кхин тӀетоьхна а версино цхьаьна хенахь лелайора «Фаза III» («Phase III») цӀе, амма цул тӀаьхьа цӀе хийцира MediaWiki аьлла, хӀунда аьлча и ПКх лело таро хилира Википеди йоцуш, кхин проекташкахь а. «MediaWiki» цӀе — дешнийн бегаш, иза хьакхало «Викимедиа» цӀерах — Википеди кхоьллинчу кхолламах.

Лелор

MediaWiki кхечу шордаршца лелайо Викимедиан фондан а, вики-хостинган Фэндан а дукхахчу проекташкахь. Цул сов, ду оцу движок тӀехь тӀетодина лаӀарш, уьш лерина корпоративашна лело: Enterprise Semantic MediaWiki+, BlueSpice[4], российн проекты Wiki4Intra[5], WikiVote. MediaWiki кхин а вики-движокан бух бу MindTouch(ингалс.)нохч..

Прикладан программа хӀотторан интерфейс (API)

MедиаВикихь лерина башха прикладан программа хӀотторан интерфейс, цуо латтадо базера нисса лакхара тӀегӀанан хаамашка. Авторизацина а, хаамаш схьэца а, хийцамаш дӀабахьийта а клиентийн программаша лело таро йу API. Википедица болх беш, нисса оцу интерфейс чухула болх бо веб-агӀон тӀера скрипташа. API кхача таро йу муьлххачу кепара, царна йукъахь front-end и back-end программин чухула а.

Ишттачу программийн масала дало мегар ду Pywikipedia библиотекин, Python маттахь wiki-бот кхоллархьама а, Википеди чура программин ахавтоматан хийцамаш бан лелайо AutoWikiBrowser.

API коьрта аьтту, клиентийн тӀетохар йазйина программин меттан башхалла ца хилар бу, хӀунда аьлча дерриг хеттарш кечдо HTTP протоколца, ткъа жоп ло программа кечйинчун аьтто болу форматехь: XML, сериализацин[6] PHP йа JSON. Иштта, масала, http://ru.wikipedia.org/w/api.php?action=query&list=recentchanges адресца хаттар дича, клиентийн интерфейсана тӀаьххьара 10 хийцаман исписка ло, JSON форматехь (HTML чохь форматировать йина) кхин тӀе хаамашца.

Хьажа кхин а

  • Википеди:MediaWiki хӀоттор
  • Википеди:Википедин копи муха йан йеза

Билгалдахарш

  1. The mediawiki Open Source Project on Open Hub: Languages Page — 2006.
  2. 1 2 Release Notes
  3. mediawiki/COPYING
  4. См. bluespice.com Архивйина 2022-05-07 — Wayback Machine
  5. Хьажа wiki.4intra.net Архивйина 2012-08-15 — Wayback Machine
  6. См. http://www.php.net/manual/ru/function.serialize.php Архивйина 2014-07-03 — Wayback Machine

Хьажоргаш

MediaWiki:
  • Медиафайлаш Викилармехь
  • Заглавная страница сайта MediaWiki.org
  • Проект MediaWiki на SourceForge.net
  • meta:MediaWiki User's Guide
  • MediaWiki на WikiMedia
  • Сайты, использующие MediaWiki
  • Русское сообщество MediaWiki
⛭
«Викимедиа фондан проекташ»
Википеди Викидошам • Викицитатник • Викитека • Викиучебник • Викиларма Викивиды • Викикерланаш • Викиверситет • Викихаамаш* • Викигид** • Мета-вики • Викиинкубатор
Логотип «Фонда Викимедиа»
Кхоьллинарш
Джимми Уэйлс Ларри Сэнгер
Кхиерш
регионашкахь йолу Викимедиан организацин могӀам
* ХӀинца йолу хана ловш йу Wikimedia Deutschland.     ** Кхоьллина 2006 шарахь Wikimedia Foundation тӀе тоьхна 2012 шарахь.
⛭
Коьрта йаззамаш
  • Википедин истори
  • Нохчийн Википедин истори
  • Викимедин фонд
  • Викимани
  • MediaWiki
  • Википедихой
  • Вики-резидент
  • Википедин бакъхилар
  • ДIайаккхаралла а, инклюзионизм а
  • Вандализм Википедехь
  • Нисдарийн тIом
  • Википедех лаьцна академин талламаш
  • WikiScanner
  • Wikipedia App
  • Wikipedia Zero
  • Вики-марафон
  • Википедин цензура
  • Википедин меттанийн дакъош
Адамаш
  • Уэйлс Джимми
  • Сэнгер Ларри
  • Манске Магнус
  • Нибар-Девуар Флоранс
  • Бизли Анджела
  • Гарднер Сью
  • Третиков Лайла
  • Нэпп Джастин
  • Мар Кэтрин
  • Козловский Станислав
  • Фаткуллин Фархад
  • Шеран Викимедихой
  • Категори:Википедихой
  • Вики-бабанаш
Хиламаш
  • ЦХР Википедин блок тохар
  • АЦШ Конгрессан белхалоша Википедин редакци йар
  • Дов Essjayца
  • Сайгенталер Джонан биографица инцидент
  • Бенуа Криса шиъ вуьйш ша виер
  • Батута Генрик
  • Саентологин килс а, Википеди а
  • Internet Watch Foundation кхолламо Википедин блок тохар а, Википеди а
  • Бакъдерг терхьашкахь: Википедех лаьцна дийцар
  • SOPA а, PIPA а дуьхьала реза цахилар дIахьедар
  • Оьрсийн Википедин забастовка
  • Италихойн Википедин забастовка
  • Википедин иэс
  • Блок тохар
    • Росси
    • Туркойчоь
    • Венесуэла
  • Iедало зуламхой санна редакторш хьийзор
    • Бернштейн Марк
    • Перников Павел
Йемалалла
  • Гендеран тIаьхьайисар Википедехь
  • Википеди йохарх хиндерг хетар
⛭
Вики-движокаш
.NET Framework
  • FlexWiki
  • LynxWiki
  • Perspective
  • ScrewTurn Wiki
  • WWWiki
Java
  • Confluence
  • Clearspace
  • JAMWiki
  • JSPWiki
  • Kerika
  • Mindquarry
  • SnipSnap
  • Traction TeamPage
  • XWiki
JavaScript
  • TiddlyWiki
  • WoaS
Lisp
  • CLiki
  • Svnwiki
Perl
  • Foswiki
  • Kwiki
  • Noösphere
  • OddMuseWiki
  • PodWiki
  • Socialtext
  • TWiki
  • UseModWiki
  • WikiWikiWeb
PHP
  • CitiWiki
  • DokuWiki
  • GetWiki
  • MediaWiki
  • PhpWiki
  • PmWiki
  • PukiWiki
  • TigerWiki
  • TikiWiki
  • WackoWiki
  • Wiclear
  • WikkaWiki
Python
  • MoinMoin
  • OghamWiki
  • PikiPiki
  • PikiePikie
  • Trac
  • Zwiki
Ruby
  • Instiki
  • Pimki
  • Category Категори
  • Non-article page Дустар
  • List-Class article Исписка